Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

НОХЧИЙЧУЬРА ХЬАЬЖЦ1А БОЬЛХУЧУ НАХАЦА РЕГИОНЕРА ЛОЬРАШ Г1УР БУ

19 мая 2023

Нохчийн Республикера Мекке а, Медине боьлхучу вайн бахархошца 15 лор г1ур ву. Оьшуш меттиг хилахь, цара лаккхарчу говзаллица г1о дийр Хьаьжц1а боьлхучарна. Цунах лаьцна хаам бира Нохчийн Республикин бусалбанийн Динан урхаллера.

Шаьш д1акхаьчча, цигахь медпункт схьа а йиллина, дийнахь а, буса а тергонехь ши лор а волуш, болх бийр нохчийн медикаша.
"Лоьрашка х1инцале а д1ахаийтина цара дан дезачу дерриге а г1уллакхех лаьцна, х1унда аьлча Хьаьж чекхдаллалц цигахь 1ан дезар ду церан, -- дийцира ведомствехь.

Иштта НР-н Динан урхаллехь цу хьокъехь совещани йира. Цигахь билгалдехира, нехан Хьаьжц1а бахарца доьзна, кхин а т1едоьзна лоьраша дан деза г1уллакхаш. Лоьраш дика кечбина а,  лаккхара корматалла йолуш хилар а, нахана г1о дан оьшуш болу берриге а г1ирсаш цара шайца хьош хилар а дийцаре дира совещанехь.
"Иштта болх леррина вовшахтохарца Динан  урхалло гойту х1ор бусалба стагана Исламо т1едиллина фарз - Хьаьжц1а  Макке а Медине а  вахар-- кхочушдар а, шаьш  г1о деш а, нехан леррина терго еш а хилар", -- билгалдаьккхира урхаллехь.