Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

ШЕН ДА-НАНА ЛИЙРИНАРГ ДОЬЗАЛО А ЛОРУР ВУ

22 апреля 2022

Тахана вай йицъяхь вайн ирсе селхане, йогIур юй-те вайна дайн амалех хьерчаш йисна кхане? Де-дийне мел долу, дайх-нанойх вай херлуш ду. Цхьа а хан а ца къестош, хьан хьоле а ца хьоьжуш, ша санна шийла, ча санна дера Iожалла йогIу вайн хIусамашка. Жима а, воккха а, цо цхьа а ца къаставо. Ша стеган лаьцна куьг эхартахь бен ца хоьцуш, вайх къаставо цо дуьненахь хан кхачийна стаг. Цу кеппара, вовше дезаш долу вай вовшех къестадо цо, шийлачу Iожалло. 
Де-дийне мел долу, кхачош лаьтта вайн къаной. Вайн дай цхьа кица ма ду: «Воккханиг – ийман-беркат ду» олуш. Цхьана хIуманна тIе тидам бахийта луур ду суна, вай и кица хьахочу хенахь, «вайн дай» аьлла хьахийра вай, цо юха а гойту вайна, къано – вайн дахаран беркат хилар. Олуш ма-хиллара, цхьа хIума даиманна а ца лаьтта, муьлхачу а хIуманна шен цхьа хан ю. И шен хан кхача ма-йиннехь, вайх къаьсташ, цкъа а ца хилча санна дIадолу и. Иштта, шайн дахарехь яккха елла хан кхача ма-йиннехь, къестар ду вайха дай-наной. Ткъа уьш къинтIера а ца бохуш вайн кхалхар хилахь – дакъаза довлу вай, я церан вайх къастар нислахь – дохко довларан дакъа кхочу вайга. Маржа-яI, ма тIаьххьара дакъа ду и вайга кхочундерг... Дала Шен Сийлахь Къуръан чохь аьлла-кх: «Шаьш динчу шай дена-нанна «охI» алий а, дуьхьала резадоцуш дош ма алалаш». Ойла йича, мел доккха хIума ду и, я ойла йина ца валлал. Нагахь вай цаьрна дуьхьала луьйш хилахь, кху дуьненахь а, эхартахь а вайга жоп доьхур долуш ду царех. Кху дуьненахь – вай цаьрца ма-хиллара, иштта доьзалш Дала вайна баларца бийра бу вайна бекхам. Ткъа эхартахь – жоьжахатан бала а Iовшур бу вай. 
Тахана дерриге а дех а, ненах а лаьцна вай хIунда дуьйцу аьлча, и къенаниг цхьаннан да я нана ма ду. Иштта хьадисехь а ма аьлла: «Хьайна луург хьай бусалба вешина а, йишина а лууш хилалахь» аьлла. Ткъа вайна цхьанна а луур ма дацара, вай ден, ненан некъ хадо, цаьрца цхьа а кIоршаме хила. Дерриге а вайн дайн Iадаташ, ламасташ кху дийне вайн баккхийчаьргахула ма кхаьчна. Вайн дахарехь нийса некъаш гездан, хьарам-хьанал къасто Iамош берш вайн къаной бу. Цаьргахула ду вайн дерриге а самукъа. Цкъа а дицдан мегар дац : къона шераш – къаналле доьрзур дуй а, шера некъаш – гомхачу некъах тарлур дуй а, хийла стаг хьегна юьхь-сибат – хебаршка доьрзур дуй а, маьлхан нуьрца къегаш хилла бIаьргаш – кхулур дуй а, хIайт-аьлла, кура лелла дегI – букар гIур дуй а, «да», «нана» бохуш, кхийкхина аз – ширлур дуй а, эххар а, маьлхан дуьне – кхулур дуй а. Цкъа а мегар дац уьш вайн иэсах хердан.
Шаьш дуьненчохь йоккхучу хена чохь даим бIаьрг боьлуш, яххьаш йоьлуш, бехийла вайн къаной. Церан эца ма-деззара дог эцначарех, лера ма-деззара, уьш лийринчарех дойла вай. Тхан лераме къаной, АллахI Дала декъала дойла шу!