Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

СОЬЛЖА-ГIАЛАХЬ СТУДЕНТАШНА ДИЙЦИРА ДЕЗАЧУ КЪУРЪАНАН СИЙЛАЛЛЕХ ЛАЬЦНА

26 мая 2023

Цхьаъ йолу Концепци кхочушйаран гурашкахь департаментан директор Абдулаев Аслан цхьаьнакхийтира Нохчийн Пачхьалкхан колледжан дешархошца.

Абдулаев Аслана шен къамел д1адолийра, Волгоградехь Къуръан дагор массо а бусалба нах сийсазбар ду аьлла. Мухьаммад-Пайхамаран(Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), устазийн, авлияийн дахаран а, ткъа иштта вайн заманахьлерчун а масалш а далош, кегийчу нахаца уьш кхетачу маттаца къамел дира 1еламстага. Цо билгалдаьккхира динца бен а воцуш хиларо, иза йемалдаро, цуьнца долу мехалниг цахааро зулам дахьаш хилар.

Студенташа леррина ладуьйг1ира Асланан къамеле. Цхьаьнакхетар чекхдолуш, цара доккха баркалла элира департаментан директорна сел пайден а, дика а хьехам цо барна. Шен аг1ор Абдулаев Аслана а д1ахаийтира, ша муьлххачу хенахь къамелана а, хаттарна жоп дала а кийча ву аьлла.