Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

СОЬЛЖА-ГIАЛАРЧУ 2 ЭЗАР ДОЬЗАЛНА КХАЧАНАН СУРСАТАШЦА ГIО ДИНА КАДЫРОВН Ц1АРАХЧУ ФОНДО

19 мая 2023

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу региональни йукъараллин фондо рог1ера г1оьналлин г1уллакх кхочушдина. Иштта,  Соьлжа-Г1алин 2 эзар доьзална кхачанан сурсаташца г1о дина цо. Нахана д1асаекъна 4 эзар котам, 4 эзар лимонадан шиша, 12 баьпкан булка.
Таро йоцчеран адресашкахула сурсаташ д1асадаьхьира районийн префектурин белхахоша.
" Доьзалша даггара баркалла элира НР-н Куьйгалхочунна, Россин   Турпалхочунна Кадыров Рамзанна Ахматовична а, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу РОФ- н Куьйгалхочунна Кадырова Аймани Несиевнина а шайн терго йарна", --- дийцира  Соьлжа-Г1алин Мэрехь.