Iеламнаха аьлла: «Массо къинах дохко ваьлла, тоба дар вáджиб (декхар) ду». ТIаккха, доьжна долу  Iеса хIума лайна а, АллáхIана а – Лекха ву И – юкъара делахь, адаман хьокъах хотталуш доцуш, оцу къинна кхоъ биллам (условие) бу:

Царах цхьаъ: шегара  Iеса (къа) хIума дитар а, цунах дIахадар а ду.

ШолгIаниг: и дарна дохко валар ду.

 КхоалгIниг: чIогIа ниййат а, ойла а хилар ду, цкъá а шегара и цадалийта.

Нагахь санна, хIокху кхааннах цхьаъ биллам тIеоьшуш хилахь, цуьнан тоба нийса а, мегаш хир дац.

ТIкъа доьжна  Iеса хIума адамах хотталуш делахь, тIаккха цуьнан билламаш биъ бу:

ХIорш кхоъ бу, цул совнаха, ша бохам бина стаг реза вар ду. Цу тIе а доьгIна, юкъахь лелларг даьхни делахь я и санна кхин хIума хиллехь, иза цунна дIалур ду. Вон цIетиллар а, и саннарг а делахь цунна догIу таIзар дан  цуьнан аьтту бийр бу я къинтIера воккхур ву шена. Нагахь санна иза гIийбат (дIахезча новкъа догIун долу хIума) делахь цуьнга шена къинтIера вала эр ду. Стага тоба дан цадезаш цхьа къа дац. Цхьадолчу къинойха тоба дича, цуьнан тоба мегаш а, нийса а ду. Дисинчу къинойха тоба дан дезар ду цуьнан. Тоба дан дезар хоуьйтуш вовшин маьIна чIагIдеш даьхкина хIара баххаш а, билгалонаш а ю Къурáна а, сунната а, уммата барта а тIера:

АллáхIа  аьлла: «Аш тоба а де, массара а, АллáхIе, хIай муъманаш, декъала хир ду шу». Сурат «Ан-Нур», 31 айат.

Абу ХIурайрата, Дела реза хуьлда цунна, аьлла: Элчано, Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла: «Малх бузехьара малх схьакхетале тоба динчуьнан тоба АллáхIа къобал дийр ду».  Муслим.

Абу СаIид Аль-Худрийс, Дела реза хуьлда цунна, аьлла, Пайхамара, Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла: «Шул хьалха хиллачу нахана (умматана) юкъахь цхьа стаг хилла, везткъе ткъаесна (99) стаг вийна. Цкъа цо хаьттина: «Кхузахь сов хууш верг мила ву?», – аьлла. Цунна тIаккха цхьа рáхIиб (монах) вийцина. Цунна тIевахана аьлла цо: «Ша везткъе ткъаесна стаг вийна, тоба дан йиш юй шен?». Вукхо: «Яц», – аьлла, жоп делла. ТIаккха иза а вийна бIе (100) вузийтина цо. Юха шолгIа а хаьттина цо: «Дика хуушверг мила ву?», – аьлла. ТIаккха цунна цхьа  Iелам стаг вийцина. Цуьнга аьлла цо: «Ша бIе стаг вийна, тоба дан йиш юй шен?». Цо жоп делла: «Ю, дера, хьоьга тоба цадайта мила хир вара? Иштта-иштта цIейолчу меттиге гIо, цигахь цхьа нах бу хьуна АллáхIана  Iибадат деш, цаьрца цхьана  Iибадат де ахь а. ХIокху метте кхин схьа а ма вола, хIара вон меттиг ю, хьоьгара вонаш дийлина». ТIаккха иза цига ваха аравелира, амма некъа юккъе кхаьчначу хенахь вала вуьйжира иза. Цуьнан са эца къовсаделира къинхетаман малийкаш а,  Iазапан малийкаш а. Къинхетаман малийкаша элира: «Тоба дина, дохко ваьлла вогIуш вара хIара, шен дагца АллáхIана  тIевирзина, муьтIахь хила».  Iазапан малийкаша элира: «Цкъа диканиг ца дина цо». Адаман суьртахь малик деана царна тIе, тIаккха цара иза шайна юкъахь кхел ян хIоттийра. Цо элира: «Шина латтан (меттиган) юкъ юста, царшиннах юххе хиллачунна вуьтур вай иза». ТIаккха цара юьстича, иза тIевоьдуш хиллачу меттигана алсам юххехь карийра царна и, къинхетаман малийкаша саийцира цуьнан».  Бухарий, Муслим.

Последнее изменение Четверг, 17 Январь 2013 11:28
Администратор

Уважаемые пользователи сайта, братья и сестры. Если у вас есть какой-либо вопрос, на который вы хотели бы получить ответ от имама, то вы можете оставить его в комментариях, заполнив очень простую форму ниже. Ответ на него очень скоро найдёте в разделе: "Вопросы и Ответы", а для вашего удобства, здесь, в комментариях, будет ссылка на ответ. Внимание! Все вопросы проходят премодерацию. Провокационные и политические вопросы будут игнорироваться.

Оставить комментарий


Важно

Мы Вконтакте.Ру


Купить выключатели и розетки
Продажа розеток и выключателей. Сравните цены. Купите дешевле
polo-elektro.com.ua
Купить Empire Total War
Купить Empire Total War
ggsel.com
Техосмотр и осаго с доставкой
техосмотра для ОСАГО с выдачей диагностической карты
мои-техосмотр.рф

Ислам

© 2012 Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ.
При использовании материалов сайта, гиперссылка на сайт «serdce-chechni.ru» обязательна.

Яндекс.Метрика