Бусалба дин довза луучарна

 

ДIадаханчу кIиранан шоьтан дийнахь Франци махкарчу муьлххачу маьждиг чу а вахана, цуьнга бIаьргтоха а, бусалба динан хьокъехь хетарг хатта а, довза а таро хилира французийн. Иштта гIуллакх Францехь дуьххьара дIахьош дацахь а, цигахь дакъалоцуш бара оцу махкарчу дерриге а маьждигийн имамаш а, бIеннаш бусалба нах а.

Оцу гIуллакхехь дакъалаьцначара билгалдаккхарехь, Керлачу 2016-чу шеран хьалхарчу деношкахь оцу тайпа доккха а, мехала а гIуллакх дIадахьаран Iалашо яра бусалба динах а, бусалба нахах а Францин юкъараллехь йолу бух боцу харц ойланаш хийца гIортар.

– Францехь бехаш, тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш а болуш, дуккха а бусалба нах бу. Тахана хIокху мехкан юьззина бакъонаш а йолуш, бахархой бу уьш. Къаьсттина бевзаш бу Iаьрбий а, нохчий а, иштта Африкин къилбаседехьарчу мехкашкара баьхкина бусалбанаш. Цаьрца дага а девлла, бертахь бина сацам бара тхан иштта мехала гIуллакх дIадахьар. Делан пурбанца а, нохчийн а, Iаьрбийн а, иштта кхечу бусалба къаьмнийн а векалш болуш, Францин бахархойн гIоьнца кхузарчу юкъараллехь бух а боцуш, вайн динца йоьзна йолу харц ойланаш хуьйцур ю вай, – элира Ислам динан Францерчу юкъараллин кхеташонан куьйгалхочо Ануар Кбибеша. Х1ар хаам бо http://daymohk-gazet.ru/ сайто.

Оставить комментарий


Важно

Мы Вконтакте.Ру

Ислам

© 2012 Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ.
При использовании материалов сайта, гиперссылка на сайт «serdce-chechni.ru» обязательна.

.
магазин техники computera.ru ссылка
sites-reviews.ru
магазин техники компьютера по ссылке
kupilskazal.ru.com
магазин техники компьютера по ссылке
shop-audit.ru