Шайх Махира хьехамаш бира вайн студенташна

Кишиев Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин исламан университехь студенташна хьехамаш бира Шемара веанчу Шайх Махира. Дешаран цу заведене шайх-хьафиз шоллагIа веана вара.


Хиллачу цхьаьнакхетарехь иштта дакъалецира Соьлжа-ГIалин имама Хийтанаев Мохьмада.
Хьеше маршала хоттуш, вистхилира I.Мутушев. Цо билгал ма-даккхара, дукха хан яц Iарбойн махкара вай долчу цхьаъ кхаьчча, вайн берриге махкахошна боккха кхаъ хуьлуш хилла. ЦIеначу динах лаьцна цара хьехамаш баре сатесна хуьлура нах. Амма, халахеташ делахь а, цхьайолчу хенахь баьхкинчу хьешаша харц хьехамаш беш меттигаш нислора.
– Республикан куьйгалхоша ондда болх бира вайна юкъера харц идеологи дIаяккхарехь, – элира ректора. – Тахана цхьа а вац вайн махкахь цIена дин ца девзаш. Шеко яц Шайх Махир санна волчу Iелимстага бина хьехам дика тIаьхьало йолуш хирг хиларх.
Кегийрхой терроризмах а, экстремизмах а, иштта кхидолчу вочу хIуманах ларбарна тIехьажийна бара хьехам.
Шайх Махира ма-аллара, бусалба стеган цкъа а даг чуьра дIадала йиш яц Делах кхерар. Дог а къинхетамах дуьзина хила деза. Аьттехьа а мегар дац ша цхьанна а гуш вац, аьлла, бусалба стагана ца магийна долу хIума дан. ХIунда аьлча АллахIана гуш ду дерриге а.
– Нохчий Делах иштта тешаш хиларо а, цара лелочу гIиллакхаша а воккхавево, – бохура Шайх Махира. – Цундела сайн аьтто ма беллинехь, нохчашца цхьаьнакхета со. Ткъа сайн хилла болу студенташ хIинца хьехархой болчу аудитори чохь хьехамаш бар вуно сийлахь хета суна.
Бусалба Iилманехь къахьоьгуш верг шайн дахарца кхечарна масал гойтуш хила безаш хиларх лаьцна дийцира Махира. ХIуъа хилла латтарх, галабовла бакъо яц церан. Цу декъехь цхьа масал далийра къамелдечо. Дитта тIе хьаладала гIерташ долу цхьа бер сацийна хилла цхьана имама: «Чу а кхетта, лазор ву хьо, ма гIерта цу тIе хьала», –аьлла. «Со чукхетар башха даккхийчех дац, хIунда аьлча лазор верг сой бен вац. Амма имам «охьакхетахь» дуккха а нахана бохам хир бу», – жоп делла беро.
Билгалдаккха деза, студенташа леррина ладугIура веанчу хьешо бечу хьехаме. Гуш дара, цо дуьйцург царна дагах кхеташ хилар.
Шайх Махира санна болчу Iелимнехан хьехамаша ладугIучарна боккха Iаткъам беш хилар билгалдаьккхира Хийтанаев Мохьмада.
Цхьанакхетар дерзош, бусалба нах нийсачу новкъахь нисбар а, царна маршо йоьхуш а доIа дира Соьлжа-ГIалин имама.

Давлетбаев Э.

Оставить комментарий


Важно

Мы Вконтакте.Ру

Ислам

© 2012 Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ.
При использовании материалов сайта, гиперссылка на сайт «serdce-chechni.ru» обязательна.

.