Да-нана резадар – Дела резавар

Да-нана доьзалхочо резадар мел сийлахь-деза ду вай кхоьллина-кхобуш волчу АллахIана гергахь бохучунна тIекхиор волуш, цхьа беркате ойла йойтур йолуш дийцар дийцира суна тхан юьртахь Нажи-Юьртан кIоштарчу РогIун-кIажахь вина-ваьхна волчу, хIинца Гуьмсан кIоштарчу Билттой-Юьртахь вехаш волчу СоIдуллин кIентан Исрепин кIанта Ямохьмада, шена цу хиламан теш хилла волчу Айт-Махкарчу Iадис дийцинера аьлла. Иштта БойцIин кIентан Хизрин кIанта Сайт-Iалвис а шена и сурт гина волчу РогIун-КIажарчу Элдархана дийцинера аьлла. Иштта долу хIара къамел шун тидаме дилла лаьа суна. Билггал муьлха шо ду ца хаьа, амма паччахьан Iедал доьхначул тIаьхьа, вайн нах Сибрех бахийтале дикка зама хьалха, вайн махкахь чIогIа йокъа хIоьттина хиллера боху. Хиш лекъаш, гIа-буц дагийна ца Iаш, йокъано диттийн орамаш цхьаьна дакъош хиллера боху. Адамаш, хьайбанаш чIогIа балехь хилла. Оцу балано бIарзбина хилла Нажи-Юьртан кIоштахь йолчу лаьмнийн ярташкара Билтара, РогIун-КIажара, Нажи-Юьртара, Айт-Махкара, иштта кхийолчу ярташкара бахархой. Айт-Мехкан когашкахь, Ямсу хин тогIи чохь йолчу майданахь гулбелла хиллера нах, шайна хьалхаваьлла эвлаяан дакъа долуш волу Махьма-хьаьжа а волуш (Нажи-Юьртан кешнашкахь зерат ду цуьнан), иштта кхин а дика нах болуш, Деле хьастабала доIа дан.
Вовшашка рагI луш, хьалхаваьлла Нажи-Юьртара Делан дика лай Махьма-хьаьжа а волуш, еххачу заманчохь доIанаш дина бохура гулбеллачара, АллахIа Шен къинхетамца доIийна жоп делла, догIа даийтаре дог дохуш. Амма доIийна жоп луш ца хилла. ТIаккха Дала шена деллачу диканца тIекхиъначу Махьма-хьаьжас аьлла хиллера, Дала вайн доIийна жоп лур дац, нагахь вай да-нана резадина волчу доьзалхочуьнга доIа ца дайтахь. ТIаккха нехан маьхьарий девлла, ЧIожар вало веза, цуьнга дайта деза доIа аьлла. Оцу заманчохь РогIун-КIажахь Iаш хилла, шен бакъ цIе ГIовда йолуш, наха шех ЧIожар олуш, дена-нанна муьтIахь хиларца нахана билгалваьлла волуш цхьа дика стаг. Хьоьга вола боху аьлла, ша волчу нах баьхкича, шен ненера пурба а даьккхина, веанера бохура ЧIожар оцу майдана. Махьма-хьаьжас шега доIа де аьлча, цо аьлла хиллера, ша дин девзаш стаг вацара, шена Iаьрбийн мотт ца хаьара, доIа хуучуьнга дайтахьара, аьлла. И Дела нохчийн мотт хууш ву хьуна, доIа де аьлла хиллера цуьнга юха а Махьма-хьаьжас.
ТIаккха ши куьг хьалалаьцна, цхьа чIогIа АллахI-Далла хьаставелла, пайхамараш, авлаяаш юкъа балош, доIа дира бохура цо. Нахана ган а гуш, оцу довхачу дийнахь цхьа марха гучуяьлла хиллера. И марха дIасаяьржаш, йоккхахилла, доIийна хьалаайдина куьйгаш охьадахале, нехан кераюккъе тIадамаш эгаш, чIогIа догIа туьйхи бохура. ХIинца жоп дели вайна Дала, же, ма Iе, дIасадовла аьлла, Махьма-хьаьжа вистхилла, адам дIасадахана хилла.
Оцу къамело гойту АллахIа, деца-ненаца дика хиллачу Шен лен Ша мел ларам бо. АллахI-Дала ша реза ма-вву Шена муьтIахь хилар а, вайн дай- наной резабар а лойла вайна!

 

Исрапиев Лечи-хьаьжа

Оставить комментарий


Важно

Р. Кадыров: Последствия западных санкций – Россия окрепла

Р. Кадыров: Последствия западных санкций – Россия окрепла

Глава Чеченской Республики Рамзан Кадыров считает, что враждебная политика Запад...

Мы Вконтакте.Ру

Ислам

© 2012 Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ.
При использовании материалов сайта, гиперссылка на сайт «serdce-chechni.ru» обязательна.

.