ГЕЧДАР ДЕХАРАХ ЛАЬЦНА

Гечдар дехарах лаьцна


А1узубиллах1и минаш-шайт1анирражийм
Бисмилах1иррохьманиррохьийми



Аллах1 Далла букха хастам, вай бусалбанаш долуш кхоьллинчу, ишта оцу Аллах1ана букха хастам вай Мухьаммад пайхамара умматах

кхоьллинадолчу, Делера салам а маршалла а хуьлда цунна. Пайхамара аьлла шен хьадисехь Муслима а Бухарис дийцина долчу,

Делера салам а маршалла а хуьлда цунна:

Хьуна цхьа дика х1ума дан дага деъчи кхоччуш цхьа дика яздеш ду Аллах1а хьуна и дика х1ума дага дар бахьана долуш, амма ахь хьай

ницкъ кхаьчна и дика х1ума дахь 700 декъера 1000 декъе кхаччалц диканиш яздеш ду. Аллах1 реза воцу цхьа г1уллакх дан дага деа хьуна,

амма ахь и дохко а ваьлла ца деш 1ад дити, т1аккха а Аллах1а кхоччуш цхьа дика яздеш ду хьуна ахь и вон г1уллакх 1адда дитар бахьана

долуш, амма ахь Аллах1 шена реза воцу г1уллакх дахь вайх бина болчу къинхетамна цхьа вон бен яздеш дац.


Хьажахь сан бусалба ваша, и Аллах1 мел къинхетаме ву вайца, оцу Аллах1ана шен лай ша динчу къиношна дохко а ваьлла цо гечдар

дехахь, цо товба дахь маццал хаза хеташ ду? Масала: цхьана заманахь цхьа стаг хиллера шен эмкал т1е биллина шен некъана кхача а

болуш г1амаршкахь гена новкъа араваьлла, некъ бахбелча к1ад велла сада1а охьахиъначохь наб кхийтира цунна, кхано х1ара стаг сам

ваьлча шен эмкал шена юххехь ца карийра цунна, оцу г1амаршкахь и лоьхуш д1аса ведира иза и карацаеш к1ад велла охьавуьйжира иза,

юха х1ара метта веъча и шен эмкал шена т1е х1оьттина 1аш карийра цунна, цунна мел хаза хетна хир ду и карайина ша валарах хьалха

ваьлча? И цакарийнехь юуш ерг а молуш ерг цу т1ехь йолуш лийра ма вара иза, оцу стаганначул ч1ог1а хаза хеташ вукха и Аллах1 шен

лай тоба а дина вочух юха ваьлча.


И Аллах1 шен холкъаца мел къинхетаме ву хьуна аьлча: цхьана дийнахь Пайхамар хиллера шен асхьабшца д1авоьдуш Делера салам а

маршалла а хуьлда цунна, цхьа зуда гира цаьрна шен бер мара а къоьвлина и дузош, Пайхамара элира Делера салам а маршалла а хуьлда

цунна: И зуда гой шуна? Асхьабаша элира: го шайн!

Пайхамара элира: Цо и шен марахь долу шен баьр ц1ерга кхуссур дарий?

Асхьабаш элира: дацара валлах1и!

Пайхамара элира и Аллах1 оцу нанас шен берахчул ч1ог1а къинхетам беш ма ву вайх!


Цхьа нана хиллера шен доьзалхочо ша элларг ца дича цунна оьг1аз яхана, и шен бер за1арал арахьа даьккхина за1ар д1а къоьвлира цо,

цул т1аьхьа дикка хан яьлчи и бер мацделла, шелделла за1ара улле деара, амма за1ар къоьвлина карийра цунна, за1ар шена къоьвлина

карийча дилхира и бер, дукха ловзуш лелла юьхьт1ехь модуш йолуш, дилхина юьхьт1ехь хиш охьа ихна тачанаш а долуш, шелделла,

горгделла хьарча а хьаьрчина за1ар к1еллад1а дижжинчохь набкхийтира цунна. Ненан дог оьг1аз даханчохь 1а ма ца 1а цо цхьана хенахь

ша аьлларг ца динера аьлла. Ненан дог к1еда хиларх терра нана шен бер ц1а деани хьажа ара елира, за1ар к1еллахь шелонна горгделла

хьарча а хьаьрчина, юьхьт1ехь дукха дилхина х1иттина тачанаш а долуш наб кхетта дижина 1уьллуш шен бер карийча дукха дог к1адделла

нана шен оьг1аз яхар диц а делла и шен бер мара а къоьвлина оцу меттехь дукха йилхира.

Ойла яйша, ша чуьра арадаьккхина шен бер оцу хьолехь з1ара к1еллахь карийча мел дог лазор ду цу ненан.

И Аллах1 вукха ишта шен лайно, ша лелийна долчу къиношна доггух дохко а ваьлла, тоба а дина шега гечдар дехча оцу нанас шен

берахчул ч1ог1а шен лайх къинхетам беш а къинт1ера волуш а.


Мел йоккха дакъазло ю, ша летийна долчу къиношна тоба дар доцуш я и тоба да а ца кхуьуш валар хилахь. Хьо жима волуш берашца

а ловзуш лелаш и Аллах1 хьехор доцуш им воккха хилча хьехор вара аса, дика 1амалаш а воккха хилча йийра яра аса бохуш д1айоьду

хьан хан. Хьо воккха хилча хьайн д1ег1ана дезачу х1уманашна т1аьхьаволий лелаш и Аллах1 хьехорах машг1ул хуьлий, и Аллах1 хьехо

ца кхуьуш и хьехо а кхи а и санна йолу дика 1амалаш ян кхуьур вара со бохуш и диканиш т1ехьа а тоьттуш д1а йоьду хьан хан.

Ткъа хьо къан велча дег1ан лазарша хьийзош и Аллах1 хьехо а я кхи йолу 1амалаш ян а ницкъ боцуш чекхдолу хьан дахар, хьо и Аллах1

хьехош дика 1амалаш маца ян дагахь ву теша? Нагахь ахь и дика 1амалаш кошчохь йийра ю моьттуш хьо велахь ма бакъа дац иза, цигахь

ма вуьтур вацкха хьо и Аллах1 хьехош а йа дохко виларх а. Пайхмара аьллакха шеен Бухарис дицина долчу хьадисехь Делера салам а

маршалла а хуьлда цунна: Хьо 1уьйренга ваьлча суьйренга ма хьежлахь а хьо суьренга ваьлча 1уьйренга а ма хьежалахь.

Кхеча хьадисехь аьллакха Пайхамара, Делера салам а маршалла а хуьлда цунна, Хьан ризкъа чекхдаьллачул т1аьхьа ахьа охьа даь1на са

хьала а до1уьйтур ма дац ша, йа ахьв хьала даь1на са охьа а до1уьйтур ма дац ша.


Хизриев Ваха

Оставить комментарий


Важно

Мы Вконтакте.Ру

Ислам

© 2012 Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ.
При использовании материалов сайта, гиперссылка на сайт «serdce-chechni.ru» обязательна.

.