БУСУЛБАЧУ СТЕГАН ШЕН ВЕШИЙНА Т1ЕХЬ ДОЛУ ХЬАКЪ


Бисмилах1иррохьманиррохьийми

Хастам Аллах1ан бу, Цуьнгара салават салам хуьлда вай Элчанна Мухьммаданна а, цуьнан доьзалшна а, асхьабашна а!

Цул т1аьхьа:

Делах кхера, х1ай Делан лайш! Делах кхерарца кхочур ду ялсманан даржанашка, 1амалш ц1ена хир ю. Аллах1 дукха хьехаве, цунна шукур а де. Дела хьехаварца дегнашна тем хуьлу, цунна шукур дарца ни1маташа лардало. Кхача кечбе дикачу 1амалех, гена новкъа довлале хьалха, уггаре дика кхача Делах кхерар ду.


Ислам дино нисво массо хаза г1иллакха т1е, кьаьсттина дино ч1ог1а тергала до бусулба шина вешин юкъаметтиг таяр. Къамел дарехь хаза дош алар ду, бала беъча хаза сатохар ду, дов даьлча къинт1ера валар ду. Элчано аьлла (Делера салам а маршалла а хуьлда цунна): «Бусулба стеган хьакъ ду бусулба стаганна т1ехь ялх х1ума. Хаьттира: Х1у ду уьш, х1ай Делан Элча? Цо элира: Хьайна иза дуьхьал кхетча цуьнга салам ло, цо ша волче хьо кхайкхича жоп ло, иза хьайх дагаваьлчи цуьнна хьехар де, цо хьоршам тоьхчи, Далла хастам бича до1а де, иза цомгуш хилча цуьнга хьажа г1о, иза велча цунна т1аьхьа вала» (Бухари, 1240).

А1маш аьлла (Дала къинхетам бойла цуьнах): «Тхо дара маьждига чохь охьаховшуш, тхайна цхьа къонах ца вайча кхаа дийнахь оха хаттара мича вахна иза? Нагахь санна цомгуш иза велахь цуьнга хьовса долхара тхо». Цомгушчуьнга хьажа вахарехь цуьнан деган самукъ далар ду, лазар дайдар ду, гергара черан дегнашна там бар ду.

Имам Ахьмад дийцира Совбанера (Дела реза хуьлда цунна) Пайхмара дийцира аьлла (с.1.в.): "Боккъала бусулба стаг цомгуш волу шен веше хьажа вахча иза д1а ца волу ялсманийн бешара стоьмшкара".

Кьудуси хьадисехь ду: «Сийлахь волчу Аллах1а эра ду къемат дийнахь: «Х1ай Адам к1ант со цомгуш хиллера, соьга хьажа ца веара хьо. Цо эра ду: Х1ай сан Дела со муха вог1ур вара хьоьга хьажа, хьо 1аламаш кхоьллина Дела ма ву. Дала эра ду: Хьуна ца хиира хьенех цомгуш хиллий, цуьнга хьажа ца вахара хьо. Хьуна ца хаара, хьо цуьнга хьажа вахнехьара, со карор вара хьуна цунна гергахь». (Муслим 2569).

Иштта хьадисехь деана: «Цхьаа бусулба стаг, 1уьйринна цомгуш волчу бусулба стаге хьажа г1ур вац, кхузткъе итт эзар малико шена до1а деш бен суьйренга валлалц. (Ахьмад).

Малики Муватт1аъ боху жайни чохь ду: «Цомгуш чуьнга хьажа вахнарг Делан къинхетам чуьра д1авера вац юха валлалц».

Абу Хурайратас дийцира: «Цомгушчуьнга хьажа вахнарг, стиглара кхайкхара дог1у цунна – ц1ена хили хьо, ц1ена хили хьан лелар, ялсманийн чохь меттиг схьалеци ахьа» (ат-Тирмизи).

Зияратан г1иллакхаш дуккха ду. Царех ду цомгушчуьнан коьрте охьахаар, цуьнан коьрта т1е куьг диллар, йа цуьнан лозуш йолчу метте диллар, т1аккха алар «Ла баъса т1ах1урун иншаАллах1». Пайхамар (с.1.в.) хилла иштта олуш. Цул совнаха Элчано (с.1.в.) 1амийна лазарех ларвеш долу до1а. Абул 1асан к1анта 1усмана боху: «Со т1евеара Пайхмарна сайца лазар а долуш, Пайхамара соьга элира: Хьайн аьтто куьг т1едилла лозуш йолчу метте, т1аккха ворх1азза ала – «Бисмиллах1и а1узу би 1иззатиллах1и ва къудратих1и мин шарри ма ажиду ва ухьадыру». Аса элира ишшта, суна Аллах1а г1оле а йира. (Муслим).

До1а да деза цомгуш волчунна. Ибна Аббаса дийцира (Дела реза хуьлда цаьршинна) Пайхамарера (с.1.с.) аьлла: Цомгуш волчуьнга хьажа ваханарг, нагахь санна цуьнан 1ожал яцахь, цо алахь ворх1озза – «Ас-алуллох1ал 1азыйма роббал 1аршил 1азыйми ан яшфияка», Аллах1а цунна дарба дийра ду цу лазарех". Г1иллакхе ду дукха ца 1ар, дукха хеттарш ца дар, къамел дукха ца дар, цомгушниг г1айг1ане ца вар, цуьнан лазар т1е лазар сов ца даккхар, цуьнан доттаг1 вонца ца хьахавар, йа мостаг1 диканца ца хьаха вар. Дукха 1ийча цомгушчунна ницкъ хуьлу, шен г1уллакхех вуха тохар ду.

1умар ибн 1абдул-1азийз волче веана хиллера, цомгушчуьнга хьажа вахана волу цхьа къонах, цо хаьттина хиллера х1у лозуш ву аьлла. Шена цо дийцича, цо аьлла хиллера хьенехана г1оле ца хиллера цу цамгарех, хьенех веллера цу цамгарех. 1умара аьлла хиллера: Цомгуш волчуьнга хьажа вахча белларш ма бийца, тхо долчера ара ваьлча кхи юха ма воьллахь.

Суфъян-Совричо боху: "Зиярате веанчуна хьекъал ца хилар, зене ду цомгушчунна цуьнан цамгарел. Хан йоцуш бог1у, бахкича хенахь д1а ца боьлху. Нагахь санна цомгуш верг дезаш велахь сих-сиха шена т1ех1иттар, цунна хало яцахь, х1ума дац. Цкъацкъа цхьа болу гергарачаьрца самукъа совдолу, кхи берш к1ордабо сихха. Зиярате веанарг г1оле хиларе дог дохуш велахь, цо г1о дийра ду цуьнга хьожуш, лор валош, собаре вийра ву цомгуш верг, самукъане а вийра ву. Ал-Хьасана дийцира цомгушчуьнан куц: "Сама волург сама вала, Валлах1и бусулба стаг цомгуш волу денош уггаре во денош ма дац, 1ожалла герга а йина, дицделла хилла долу воьрза меттиг дага яийтина, къиношна гечдина". Ал-Хьасан цомгуш верг волчу вахча, цуьна г1оле хиллехь, олуш хилла: «Х1ай, боккъалла а Аллах1а хьахийна хьо, иза хьахавелахь, хьо к1елхьара ваьккхина цо, шукур делахь цунна. Х1ара цамгарш, лазарш къиношна каффараташ ду, иман дилллинчу нахана хьехамаш бу, массо лелина долу вочунаха буха бовлу». Ал-Фудайласа боху: «Цамгарш йина лайшна г1иллакх 1амор хьама». Цомгуш мел верг леш вац. Оцу хьокъехь лерина х1ара аят: «Царна ца го-техьа шаьш хIора шарахь цкъа я шозза питане лоцуш хилар? ТIаккха а тоба ца до цара‚ хьехам схьа а ца лоцу» [суратут-Тавба, 126 аят]

Нагахь санна шех дог диллина иза велахь, цунна дагавоуьйтур ву Аллах1, цуьнгахь долчуьнга безам а бохуьйтур бу, Делаца ойла тайийра ю. Аллах1ан дуьхьал кхетар дезнарг милла велахь, Аллах1ана деза цунна дуьхаьл кхетар. Шена т1аьххара къамел хилларг «Ла илах1а иллаллах1у» ялсмане чу г1ура ву, тобанан наь1арш д1а а йоьллур ю.

1умарна (Дела реза хуьлда цунна) шаьлта 1оьттинчу хенахь, лазаро хьийзош вара 1умар. Ибн 1аббаса (Дела реза хуьлда цаьршинна) элира цуьнга, цуьнах къахеташ: «Х1ай амийрул муъминийна - иман диллиначу нехан паччахь, нагахь санна иза хилахь (валар), боккъала а Делан Элчанан (с.1.в.) накъост хилла хьо, дика накъост а хилла, цул т1аьхьа цуьнах къаьстира, иза хьайна реза а волуш. Цул т1аьхьа Абу Бакран а накъост хиллера хьо, дика накъост хиллера цунна, цул т1аьхьа цуьнах къаьстира хьо, иза хьайна реза а волуш. Цул т1аьхьа асхьабашна накъост хилира хьо, дика накъосталла а дира царна, нагахь санна царах хьо къастахь, уьш хьайна реза а болуш къаьстир ву хьо». 1умара элира (Дела реза хуьлда цунна): «Ахьа хьахийнарг Элчан накъост хилар, иза Аллах1а делла ни1мат дара суна, амма Абу Бакрана накъост хилар, иза суна реза хилар дар, Аллах1а суна бина дика болх бара. Х1ара сан г1айг1а хьуна гуш йолу соьгахь, хьо бахьанехь, хьа накъости бахьанехь ю хьуна, Валлах1и латта дуьззина са деши хилча иза махийна лур ма-дара Делан 1азапех хьалха валарахьамма, сайна иза галле хьалха. (Бухари)

Иштта Бухари жайни чохь ду: 1аишат (Дела реза хуьлда цунна) цомгуш хиллачу хенахь, Ибну 1аббас веара (Дела реза хуьлда цаьршинне), цо элира: "Х1ай иман диллина болчеран Нана, хьо хьалха т1екхочур ю Бакъон хьалхе йолу Делан Элчанна а т1е, Абу Бакрана а т1е!"

Делах кхера х1ай бусулб нах, шайн вежарийн хьаккъаш ларде, уьш кхочуш де да ма-деззара! Т1аккха ял йоккха хира ю шуна, болх талур бу, диканиг а даьржира ду. Х1ай Аллах1, тоба диначеран тоба къобал дехьа, къинош диначеран къиношна гечдехьа, декхар баханчера декхарш кхочуш дехьа, тхан цомгуш болчарна дарба дехьа, тхан беллачарна гечдехьа, тхан къиношна геч а дехьа, я Роббал-1аламийна! Амин.


Наибов Шамиль

Оставить комментарий


Важно

Мы Вконтакте.Ру

Ислам

© 2012 Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ.
При использовании материалов сайта, гиперссылка на сайт «serdce-chechni.ru» обязательна.

.