Рамадан беттан марханаш

Марха кхабар – иза Делан дуьхьа нийят а дина, марха дохош долчу хIуманех юхавалар ду, сатесначул тIаьхьа малх чубуззалц йолчу ханна. Лекха волчу Дала хьалхалерчу умматашна а тIедиллина хилла марханаш кхабар (хIора беттан кхо марха а, Iашуран де а). Цо, Веза-Сийлахь ву Иза, аьлла: «ХIай, ийман диллинарш! Шуна тIедиллина марха кхабар, шул хьалха баханчарна тIедилларх терра, шу хилийтархьама (Делах) кхоьруш». (Аль-Бакъарат сурат, 183 аят) Амма Рамазан бутт кхабар фарз деш билгалбаьккхина бац, вайн Элчанан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) умматана бен.
Иза билгалдоккху Лекхаволчун дашо: «…Шух (Рамазан) батте ваьллачо иза кхобийла». (Аль-Бакъарат сурат, 185 аятан чаккхе) Бухарис а, Муслима а (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийцинчу хьадисо схьагойту, Рамазан бутт кхабар Ислам-динан баххех цхьаъ хилар: «Ислам – ахь тоьшалла дар ду, АллахI воцург кхин Дела цахиларх а, Мухьаммад АллахIан Элча хиларх а, ахь ламаз дар а ду, ахь закат далар а ду, ахь Рамазан баттахь марханаш кхабар а ду, хьо ХьаьжцIа вахар а ду, некъана хьайн ницкъ кхачахь». ХIокху аяташкара а, хьадисашкара а, хIорш доцучех кхечарах а вайна хаьа Рамазан беттан марханаш кхабар хIора бусалбанна тIехь фарз-Iибадат дуйла. Иза иштта дац бохуш верг керстаналла деш ву, Дала вай лардойла цуьнан декъахилар. Къинхетаме волчу Дала Шен лешна лело ницкъ ца кхочург цхьа а тIедиллина дац. Цомгаш верг а, некъахо а, къенаниг а, кийрахь я дакхош бер долу зуда а, пхийттара валаза верг а – массо а шарIехь хьахийна ву. Царех цхьаберш марха дохо а, кхечу деношкахь доькхуш кхаба бакъо ерш а бу, хIора ца кхаьбначу денна шайна тIера фидъятана (Iибадат дайдарна Делан дуьхьа луш долу сагIа) цхьа кана ялта (цхьа стаг вуззал даар) сагIина дала дезарш а бу, шайн жималлина фарзаш хIинца а шайна тIехь доцурш а бу. Лекха волчу Дала вайна тIедехкинчу Iибадатийн къайле йоккха ю, пайданаш дукха бу. Иштта марха кхабарца а бу пайданаш. "zori-islama".

Оставить комментарий


Важно

Мы Вконтакте.Ру


Ислам

© 2012 Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ.
При использовании материалов сайта, гиперссылка на сайт «serdce-chechni.ru» обязательна.

Яндекс.Метрика