Г1урбана урс хьакхаран хьукма

Г1урба – ч1аг1дина суннат ду, аьтто болчо кхочуш ца деш дита мегар доцуш. Доьзалехь цхьамма г1урба дийча, массарна а кхачам бо цо, цуьнан ял а хуьлу массарна. Ибн 1аббаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Адаман т1аьхьенах цхьаммо а х1окху (г1урбанан) дийнахь г1урбана урс хьаькхна ц1ий 1анорал еза 1амал ца йина, гергарло хоттаран 1амал йоцург». Т1абранис дийцина хьадис.

Турпал-1елин к1анта Хьасана (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Ц1енчу нигатца, Делера ял хиларе сатуьйсуш г1урба дийначунна, цуо дийна г1урба жоьжахатих и ларвеш йолу дуьхьало хилла д1ах1уттур ду». Т1абранис

дийцина хьадис.

Г1урба дер важиб хилла т1едужу шина бахьанца: 1) Стага шен долахь долчу, г1урбана урс хьакха мегар долчу бежанна, я уьстаг1на, я газанна т1е п1елг хьажийна, и билгалдаьккхича, х1ара сан г1урба ду, я х1окху бежанца (уьстаг1ца, газанца) г1урба дуьйр ду ас, аьлла; 2) Стага ч1аг1о йина шена т1елаьцнехь, Далла гергахуьлуш г1урба дуьйр ма ду ша, оцу дийне ша валахь, аьлла. Иштта важиб хилла долчу г1урбана урс хьаькхча, цунах долу  жижиг дерриге саг1ина дала деза, и шена т1ера дийначунна даа ца мега.

Оставить комментарий


Важно

Мы Вконтакте.Ру


Ислам

© 2012 Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ.
При использовании материалов сайта, гиперссылка на сайт «serdce-chechni.ru» обязательна.

Яндекс.Метрика