Делах тешар юкъара ду шина динан

  Кишиев Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин Исламски университето а, Москварчу керастийн университето а динийн юкъаметтигаш чIагIъярна лерина йолу телемост дIаяьхьира дIадаханчу шинарин дийнахь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин а, зорбанан а, хаамийн министра Тагиев Мурада, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела, Нохчийн Республикин министра Кашлюнов Дмитрийс, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIе латторан департаментан директора Тевсиев Бай-Iелас, Соьлжа-ГIаларчу Михаил Архангелан килсан гIуллакхдархочо Григорий Куценкос, ткъа иштта цхьа могIа Iилманчаша, хьехархоша, студенташа.
Билгалдаккха деза, цу тайпа телемост вайн республикехь дуьххьара дIаяьхьира. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин тIедилларца, видеоконференци вовшахтоьхнера къоман политикин а, зорбанан а, хаамийн министерствос.
Цхьаьнакхетар дIахьош хиллачу Нохчийн Республикин къоман политикин министерствон шуьйрачу хаамийн гIирсашна мониторинг яран департаментан директора Хатуев Ислама юьхьанца билгал ма-даккхара, бусалба а, керастан а динаш уггаре даккхийчех ду Россин Федерацехь. Цундела мехала ду юкъара синмехаллаш муха-стенна тIехь цхьаьнайогIуш ду хаар.
Москван агIорхьара цхьаьнакхетар дIахьош хиллачу Шмидт Вильяма билгал ма-даккхара, вуно мехала ду шина динан векалш вовшашца къамеле а бовлуш, вовшех дагабовлуш хилар. ХIунда аьлча, йолуш йолу синмехаллаш ларъян еза адаман а, юкъараллин а, пачхьалкхан а тIегIанехь.
Шен рогIехь соьлжа-гIалахошка маршалла хаьттира Москварчу керастийн университетан ректора Игумен Петра. Кхузаманан гIирсех пайда а оьцуш, шина динан дешаран заведенин векалша вовшех кхеташ къамел деш хиларо воккхавево ша, бохура цо. Эфирехула цхьаьнакхетар дика тIаьхьало йолуш хирг хиларх ша догдохуш хилар а билгалдаьккхира цо. Иштта цхьаьнакхетарехь къамел дира Тагиев Мурада, Тевсиев Бай-Iелас, Григорий Куценкос а.
Кишиев Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин Исламски университетан ректора Мутушев Абдурахьима ма-аллара, шайна юкъахь башхаллаш йоцуш дац бусалбанийн а, керастийн а динаш. Амма юкъара коьрта цхьа хIума ду шина а динан – Делах тешар. Цундела юкъара синмехаллаш а лохуш, Россин дуьхьа бертахь гIуллакх дан декхарийлахь бу керастанаш а, бусалбанаш а.
Iилманчана Ибрагимов Мусана хетарехь, дуккха а динаш а, къаьмнаш а долу Россехь хиларе терра, массаьрга а цхьатерра сий-ларам болуш хила деза Iедал. Цу декъехь Россин кIайчу паччахьан заманера масал далийра цо. ТIамехь дикачу агIор билгалбевлла хиларна, кавказхойх вовшахтоьхна йолу акхачу дивизин сий-ларам беш хила Николай II-чо. Георгиевски жIараца совгIат дан хьакъ хилла бIаьхой. Амма дивизина юкъахь берш бусалба хиларе терра, жIаран меттана ахбеттасаца царна совгIат дарехь Указ арахецна паччахьо. Цхьанна товш дерг кхечарна товш цахилар хьесапе а оьцуш, Iедал тахана гIуллакх деш хилахь, Россин пачхьалкхан дика тIаьхьало хирг хиларх тешна ву М.Ибрагимов.
Шеко йоццуш, вовшакара керланиг девзира телемостан шина а агIорхьа болчу дакъалацархошна. Барт хилира тIейогIучу хенахь кхидIа мехала юкъаметтигаш лело.

Элихан Давлетбаев

Оставить комментарий


Важно

Мы Вконтакте.Ру

Ислам

© 2012 Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ.
При использовании материалов сайта, гиперссылка на сайт «serdce-chechni.ru» обязательна.

.