НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХАШ. САЛАМ - МАРШАЛЛА ХАТТАР.

Х1ора къоман маршалла хаттаран кепаца гучудолу цуьнан дахарехь коьрта меттиг муьлхачу мехалло д1алоцу, къомо хьалха х1ун тотту.
   Вайна ма-хаъара, оьрсаша «Здравствуй» олуш – могашалла ю хьалха тоттург. Иштта китайцаша: - «Ел ли ты?»; парцоша - « Будь весел!»; зулусо « Я тебя вижу»; 1аьрбийн «Салам 1алейкум» - « Мир тебе»; «1алейкум салам» - «И тебе мир» бохург ду. «Салам» бохург нохчашна шен ма-дарра маь1ница т1еэцна. Шеко яц, иза нохчийн маттахь «маршалла» бохург хилар. Салам-маршалла аьлла и ши дош цхьаьна тесна хиларо а гойту иза иштта хилар. Сих-сиха олуш хезачех ду: «Могаш-маьрша» бохург. Хетарехь, бусалба дин т1еэцале и кеп шуьйрра яьржина леллачух тера ду вайна юкъахь.
Салам далар-эцар бусалба динца вайна юкъахь даьржинехь а, иза юкъахь леларан кеп, некъаш 1аьрбийн, нохчийн а тайп-тайпана ду. Царна юкъахь салам масийттазза луш а, дала дог1уш а ду: дас – к1анте, к1ант – нене, нанас – йо1е, йо1а – дега, вукхара вовшашка, иштта д1. кх. а. 
Нохчашна юкъахь салам далар - эцар шен маь1на, шен х1отто бух а, лаца т1ам а болуш х1ума ду. Салам «къонахчун дош» бохучу даржехь лелийначех а, леллачех а ду. Нохчашлахь салам луш ца хилла т1ом-ч1ир юкъаян йиш йоцчохь. Ткъа «т1о-ч1ир» бохург къонахчо лелош ца хилла цхьана а зудчуьнца; юкъ ехказа волчу кхиазхочуьнца; юкъ ястина волчу къанвеллачу стагца; шеен ц1ийнах волчу гергарчуьнца, ненахошца, захалашца (юкъахь кхуьуш доьзалш белахь). Цьарга салам ца далар – уьш ца ларар дац, цаьрца болу ларам, уьйр- безам ша тайпанчу т1ег1ан т1ехь лелаш хилар ду.
Нохчийн г1иллакхашца, салам кховдош хилла г1еметта х1оьттинчу къонахчо къонахе. Цундела саламан дозаллина, г1арт олий, дег1 нисдеш, хьалаг1отту вайн къонах. Оцу тайпана салам т1еэцаран «кеп» кхечу бусалбана къамнашна юккъехь лелаш дац.
Нохчаша салам мич-мичахь а, хьаьнг-хьаьнга а луш дац! Бусалба воцчуьнга вай салам цадалар, хетарехь, важа бусалба цахиларца доьзна дац. Цуьнан бахьана, саламан дозаллин маь1на хууш вуй те важа. Масала, вайн баккхийчарна Юккъерчу Азехь гина х1ума ду, казахийн, г1ирг1азойн салам далар т1ехь хьалхаваьлларг тоьлла лоруш хилар.
Цуьнга хьажна доцуш, нохчашлахь салам даларан шен х1оьттина яьлла кеп ю: жима-воккха бохург доцуш, салам даларан хьалхе - т1евеъначуьнгаххьий, т1ехволучуьнгаххьий ю. Хьалхе т1ейожайо говрахь, ворданахь, машенахь болчарна; лакхара (гу т1ера, лам т1ера) охьавог1учунна, т1ехь барзакъ бен-берса долчунна; карахь (марахь,гихь) мохь боцуш - парг1ат вог1учунна.
      Малхбузехьарий, къилбаседехьарий вог1учо; дешна волчуьнга - дешна воцчо, (1илма долчуьнга – доцчо) хьалха луш ду вайн салам. Лакхахь далийначу хьалха салам даларан масалийн маь1наш вовшашна герга хетахь а, ша-шен башхаллаш йолуш ду. Ломара охьавог1учо, говрахь (машенахь) волчо, куьг (дег1) парг1ат долчо салам хьалха даларан маь1на - ловш йолу хало, дег1ан чорхана хилла ницкъ тидаме лацар ду. Ала дог1у кхин цкъа а, вай билгалъяьхна нохчашна юкъахь салам даларан-эцаран кепаш, стеган сий-пусар, ларам бар – даржаца, гулдинчу дуьненан риц1къаца, и д1, кхин долчьунца доьзна доцуш, оьздачу дозаллийн даржехь айина лело хакъ долчарех цхьаъ ду. Оцу г1иллакхийн маь1на суна ца хетта вайн дайшкара вайга кхаьчна йолу и амал, и г1иллакх вочарех а, емалъян оьшучарех а.
      Йишин к1анта – ненахошка, невцо - стунцхошка салам далар нийса лоруш ца хилла. Осалчарех хеташ хилла кхиазхоша баккхийчаьрга салам далар а. 
Стаг хилла кхиъна лору доза имам Шемала 15 шаре охьадалийна хилла. Шейх Мансур волчу хенахь и киртиг 24 шо т1екхочуш бен ца хилла. Халкъалахь дийцарехь, цхьана хенахь 33 шо кхаьчча дуьйна д1а юстуш а хилла боху иза. 
      Тахана х1оьттинчу хьелашка диллича, ишкол чекхйоккхучу хенаца - 18 шарца къастор дара ас и. Зударшка, юкъ яьстинчаьрга (шаьлта - доьхка охьадиллинарш, пхьа-ч1ирна юкъа ца бог1урш, дуйна т1е ца те1ораш, 67 шо когашна к1елхьарчийнарш, кара 1аса лаьцнарш бу хьехориш) салам луш ца хилла. Де-буьйса, 1уьйре-суьйре декъалъярца йолу кеп лелош хилла цаьрца а, цара вовшашна юкъахь а (зударий бу буьйцурш).
      Билгалдан деза, т1евог1учо, т1ехволучо салам-маршалла ца хаттарх бехказа волуьйтуш хилла вайн г1иллакхо, нагахь санна бухарниш кхуьнан (кхеран) тидам ца беш (хьала ца г1овттуш, я кхечу кепара ларам тидам ца беш) меттиг хилахь.
Хьалха-т1аьхьа салам-маршалла хаттаран шен билгалчу хот1е йирзина кеп ю кегийчу наханий, мехкаршний юкъахь лелаш. Йо1е маршалла хьалха хоттуш ду. Кхузахь билгалдаккха дог1уш цхьа х1ума-м ду: йо1а маршалла хьалха хаттар - иза ша жимчу стагана реза хиларан гайтам бу; синкъерамехь т1аккха хецна къамел дан йиш хилар, цуьнан дош йо1а юхатухург ца хилар.
Къахьоьгуш (болх беш) воллучуьнга салам-маршалла хьалха д1акховдош г1иллакхехь лерина ду вайн: «Хьекъийла», «дебийла», « т1аьхье беркате хуьлийла», и д1. кх. а, бечу балхе хьажжина т1е а тухуш. Маршалла хьалха доккху дика я вон т1едеанчуьнга а.
Вайн г1иллакхашца ца дог1учех ду синкъерамехь, ловзаргахь, мичхьа а нах гулбеллчохь (хуьлда иза гулам, я конференци) къамел дерзаре а ца хьожуш, уьш юкъах бохуш, т1евар а, салам далар а. Къамел деш верг, хелхаволуш верг, эшаре ладуг1уш берш севцначул т1аьхьа дала дог1уш ду салам, къаьсттина къамел деш верг юкъах ваьккхина, юкъаг1ертар ларт1ехь дац.
Х1окху балха т1ехь цуьнан уггаре коьртаниг, маь1не дерг билгалдаккха деза. Цунах цхьадолу жам1аш деш, ала дог1у, нохчийн г1иллакхехь салам луш ца хилла:
1. Ламаз т1ехь волчуьнга (иза Далла дуьхьал х1оьттина ларало дела);
2. Къор1ан доьшуш волчуьнга (Делаца къамеле ваьлла ларалушволу дела);
3. Мола кхойкхуш волчуьнга (иза Далла дуьхьал х1отта кечлуш лору дела);
4. Кхачанах кхеташ волчуьнга (иза Делан рицкъанах кхеташ волу дела);
5. Шен ц1ийнан (гергарчу) нахе 7 дегара валлалц дов а, ч1ир а лелон йиш йоцчаьрга);
6. Ненахошка (тукхамхошка) -8 дега кхаччалц берш (ма-дарра аьлча наной бара багар бан безарш-м) – бехке ларарна;
7. Невцо - стунцахошка;
8. Зударшка, кхиазхошка, юкъяьстина болчу баккхийчаьрга;
9. Маьждигехь (иза Делан ц1а хиларна. Цу чу воьдучо дуьненан г1уллакхаш, х1умнаш – хьаг1-бода, вон ойланаш, арахь йита еза дела);
10. Ламаз оьцуш волчуьнга;
11. Верзина волчьунга.
Салам дала ца дог1учохь, масала, юучух кхеташ волчуьнга: « Г1оза яийла, я барт цхьаъ бойла» - ала тарло. Иштта меттигаш (ситуацеш), дукха нисло 1ер-дахарехь. «Хьекъийла, дебийла, г1оза дагориг хуьлда, г1оза даориг хуьлда» - х1оьттинчу хьоле хьаьжжина олуш ду вайн.

Оставить комментарий


Важно

Мы Вконтакте.Ру

Ислам

© 2012 Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ.
При использовании материалов сайта, гиперссылка на сайт «serdce-chechni.ru» обязательна.

.