Турпалхочун цIарах схьадиллина Делан цIа

Дукха хан йоццуш Хоси-юьртахь дIадаьхьира Мацуев Зеламхин цIарах долу маьждиг схьаделларан цхьаьнакхетар.
2003-чу шарахь дуьйна схьа вайн Дуьххьарлерачу Президентан Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин тешаме а, даима а цунна уллохь хилла накъост, ткъа цул тIаьхьа вайн мехкан куьйгалхочун гIаролин тобанна юккъехь хилла а вара Зеламха. 2010-чу шарахь, Дала базбина баийтинчу мархин баттахь Iуьйра-ламазна молла кхойкхуш а волуш, Хоси-Юьрта чу Делан мостагIий гIоьртинчу хенахь, царна дуьхьало ян араваьлла Мацуев Зеламха чIогIа чов а хилла, больницехь Iиллира. 26-чу сентябрехь кхалхар хилира Мацуев Зеламхин, шен ткъе дейтта шо кхаьчначу заманчохь.
Керла Делан цIа дан долийнера 2011-чу шеран 6-чу июнехь. Цхьа бIе ахбIе адаман таро ю цу маьждиг чохь цхьаьна жамаIатехь Далла Iамал ян.
Цхьанакхетаре веъначу НР-н Iелимнехан Кхеташонан куьйгалхочо Кадыров Хож-Ахьмад-хьаьжас шен вистхиларехь билгалдаьккхира цу беркатечу хиламан мехалла.
«Вайн куьйгалхочунна даима уллохь а хилла, цуьнан накъост а хилла лаьттина, Делан Iожаллица вайн юкъара дIавахна волчу Мацуев Зеламхин цIарах цуьнан вежарша дина ду хIара маьждиг. ХIокху маьждиган лехамаш хIун бара аьлча, уггар хьалхарниг, Делан лаам бу. ИбрахIим-пайхамаре (Делера салам хуьлийла цунна) Хьаьж-ЦIа ша дина ваьлча, и Хьаьж-ЦIа дечу хенахь охьаэгна йолу нехаш а, дечиг а, тIулг а, ата а атий, мохехула дIатаса аьлла, Дала омра дина хилла-кх. Делан лаамца, цо дIатесна хилла и хIуманаш дуьне ма-дду яьржина. МаьI-маьIIехь цунах цхьа цуьрг йожийна-кх. Делан кхиэл сецна хиллера-кх, и цуьрг йоьж-йоьжначохь маьждиг хIуттур долуш. Иштта Делан кхиэл кхочушхиларца хIоьттина хьал ду тахана кхузахь дерг а», – дийцира Хож-Ахьмад-хьаьжас.
Баьхкина хьеший а, юьртара бахархой а маьждигна чубаханчул тIаьхьа Зеламхин кIанта дуьххьара молла а кхайкхина, ламазаш дира гулбеллачара.
Мацуев Зеламха, жима волуш дуьйна схьа, ламаз а, марха а чIогIа лар а деш, схьавогIуш хилла. Шен юьртахула ша дIасалелачу хенахь, кху пхьоьханахь жамаIат-маьждиг дича, чIогIа хаза хир дара олуш хиллера цо, бохуш, дагатуьйсу цуьнан дешнаш Зеламхин вешина Мацуев Мохьмадана.
«Дуьненчохь волуш, даима а маьждиг дезаш а, цу чуваха лууш а, динца чIогIа гергарло долуш вара иза. ТIаьххьарчу шерашкахь гуттар а хьехадора цо кхузахь маьждиг дан дезар а. ХIинца хIара маьждиг дар бахьана а – даима а цо, дийна волуш, и хьехорна а, цунна иштта лаам хиларна а дара. И дIакхелхинчул тIаьхьа, тхан ният дара, тхайн ницкъ кхачахь, уггар хьалха, Делан дуьхьа а, тIаккха Зеламхина а ял хир яц те аьлла, кхузахь хIара маьждиг догIа», – элира Мохьмада.
Цхьаьнакхетаран коьрта дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, гулбеллачара маьждиг чохь дийшира Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовлид.

Оставить комментарий


Важно

Мы Вконтакте.Ру

Ислам

© 2012 Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ.
При использовании материалов сайта, гиперссылка на сайт «serdce-chechni.ru» обязательна.

.