Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

Абубакар-Хьаьжи вирд

22 марта 2022

БисмиллахIиррохьманиррохьим аьлла къилбехьа вирзина охьа хуур ву ши бIаьрга дIа а хьаббина мотт стигал хьала тухур бу кхузза Ямад я Сайди эра ду.

25 астагIфируллахI эра ду.

         Вала деза сан валар хало ю эзарза хье юккъе херх боьгIна юккъехула воькъуш санна, сан валар атта де Ахьа везан Дела. 

         Вала деза сан валар хало ю эзарза оьртхан кол кийрахула чекх йоккхуш санна, сан валар атта де Ахьа везан Дела. 

         Вала деза сан валар хало ю эзарза йай чохь кхехкош санна, сан валар атта де Ахьа везан Дела. 


 

Лийр ву со, велча моллас кхаа унна тIехь лийчор ву со дIа керчош, схьа керчош лийчина ваьлча дахка дезача бамбеш а дехкина кхаанхьахула юкъ йихкина докъа ламаз дир ду сунна. ТIаккха сан муамин вежарий чу а баьхкина цара хьала а айина цо кешний новкъа воккхур ву, цу новкъахь вархIанхьа йинчу кIелона тIе вуьгур ву со, цу вархIанхьа бакъонаш нийса жоп дала пурба ло Ахьа сунна. ТIаккха кешнашка дIакхочур ду, кешний доIа а дина, кешний керта а ваьккхина докъа ламаз а дийр ду, тIаккха кошан чу вилла дIа хIура ву тIаккха цхьа бераш чу а биссина вукхара Iункар чу кховдина кошан чу лур ву. Аьтто агIор кIелахь а йолуш аьтто бесни лаьттахьа йолуш юхь-марш къилбехьа ерзина пенах дIа а тоьхна, лахьти чу дIа нисвийра ву, чу биссанарша сихха хьала а бевла, чу латта хьокхур ду. ТIаккха заIама а дешна, Ясин а дешна са а меттехь сураташ а дешна сан муамин вежарий цIехьа боьрзур бу сунна церан когий тата а хезаш. ТIаккха Мункир, Некир боху ши малик догIур ду, царшинна бакъонца нийса жоп дала сунна хьалхара, соьца цхьана цу лахьти чохь сан Устаз волу Абубакар-Хьаьжи вита.

Нур, бутт, малх, седарчий, Iарш стигла дерриге гIаркъ долу кхин оццул, кхин оццул и нур Делан Элчи хила волчу Мухьаммад Пайхамарна(I.с.в.) даг тIе дели и Нур дийкъикха Шакъ Нокъшбанди зеIана чу мела богIучу цIенчу шайхашна а Эвлияашна а даг тIе дели. Сан Устаз волу Абубакар-Хьаьжи даг тIе дели. Борура-баьццара жовхIарца лепаш догуш долу и Нур Делин шена дуьхьа хьалха Делан Элчи хила валчу Мухьаммад Пайхамар(I.с.в.) а сан Устаз Абубакар-Хьаьжи тешна а волул и Нур сайн аьрру агIор долчу сан даг чу оза волу со аьлла и Нур даг чу узур ду.

ИллахIа анта макъсуда воридака матIлуби аьлла и сан дIа доIур ду. ТIаккха кхузза Лахьавла вала къуввата эра ду, кхузза Элчана салават дуьллур ду. Бутт, малх, седарчий, Iарш стигла, латта, хи дерриге дуьне Iалам кхоьллинарг везан Дели Хьо вукха, Ахьа мела кхоллинчу массо хIуманаш цхьа хIума ю со хIора сайн дегIа межинаш сайн дегIе гул ян волу со аьлла шеен дегIа меженаш шеен дегIа гула йира ю.

ТIаккха фатихьат доьшур ду, кхузза къулха доьшур ду, тIаккха церан мел дIа лур бу. БисмиллахIиррахьманиррахьим аса дешна хиллачу фатIихьатана а, къулхана а мел хьалха Делан Элча хила волчу Мухьаммад Пайхамарна(I.с.в.) бели аса, цул тIаьхьа Шакъ-Новкъашбанди тIерикъата чу богIучу массо Шайхашна а Ойлияашна а бели аса, сайн устаз волчу Абубакар-Хьаьжина а бели аса и мела.

Цул тIаьхьа пхи бIаь АллахI эра ду, шеен доккха даьккина са кийра хьала а оьзна кхин са ца доIуш. ИллахIи анта макъсуда варидзака матIлуби аьлла долур ду суьлхьа даккха. И са дIа доIуш эра ду ИллахIи анта макъсуда воризака матIлуби. Нагахь и пхи го ца баккхалуш са доIаш юха а эра ду и ИллахIи анта макъсуда варидзака матIлуби.