Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

Деди – Бауди вирд

22 марта 2022

Деди, БахIа некъ лелош волчо доккхуш хIара вирд ду:
ХIор ламазна тIаьхьа (тасбихь а дина, доIа динчул тIаьхьа):

          Ламаз Бисмалла - 1 
          Къул хIуваллохIу ахьад – 11 
          Пайхамарна (I.с.в.), салават – 5

Везан Дела!Аса дешначу ламаз Бисмаллех,11 къулха дешарах, 5 Пайхамарна (I.с.в.) салават диларах суна болчуьнга терра болу мела, Хьоьгара салам- маршал хуьлда цунна, Хьайн Элчане Мухьаммад-Пайхамаре (I.с.в.) кхачабе Ахьа, шайха Бахьага (Дедига), шайха Эллах Моллига кхачабе Ахьа.

ТIаккха дийнахь-бусий цкъа доккху вирд:

          АстагIфируллахI – 500 
          ЛаилахIа иллаллахьу – 300 
          Пайхамарна (I.с.в.) салават – 100

ТIаккха доIа дийр ду:

«Алхьамду лиллахIи роббилIаламин. Вассалату вассаламу Iала расулиллахI.

 Везан Дела! Аса 500 АстагIфируллахI аларх, 300 ЛаилахIа иллаллахьу, 100 Пайхамарна (I.с.в.) салават дилларх суна болчуьнга терра болу мела, Хьоьгара салам- маршал хуьлда цунна, Хьайн Элчане Мухьаммад-Пайхамаре (I.с.в.) кхачабе Ахьа, цуьнан доьзалшка, асхьабашка кхачабе Ахьа, сан устазе БахIага кхачабе Ахьа, шайх Дедига кхачабе Ахьа, шайх Эллах Моллига кхачабе Ахьа.