Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

ГIеза-хьаьжи вирд

22 марта 2022

Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа – пхуьйра ламаз хан чекха йаллалца, суткехь цIа доккхуш ду. Ламаз карахь кIилбехьа охьа а хиъна.
Аса ният ди сай Устаза тiедиллина долу вирд даккха Дела доьхьа Далла АллахIу Акбар.

         3-шахIадат далийна 
         100-АстагIфируллахI 
         500- ЛаилахIа иллаллахьу 
         100-салават

АллохIумма Везан Дела аса аьлла долу 100- АстагIфируллахI, 500- ЛаилахIа иллаллахьу, 100-салават мел суна ло Ахьа, соьгара совгIат дай, Хьайгара кIобал дай Ахьа тхуна Элча вина ваийтина волчу Мухьаммад Пайхамарна (I.с.в.), хьадрате кхачабе Ахьа, Цуьнан охлунна а, Асхьабашна а кхачабе Ахьа. Сан Устазана беркате кхачабе Ахьа, сан Устазана бала лаьъче массанхьа кхачабе Ахьа.

ТIаккха шеен хуург доIа дина дерзор ду