Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

ИбрахIим-Хьаьжи вирд

22 марта 2022

ИбрахIим-Хьаьжи вирд хIора ламазан тIаьхьа доккхуш ду.

Ас ният ди сай ИбрахIим-хьаьжас тIе диллина вирд даккха, Дела доьхьа Далла АллахIу Акбар.

       1-фатихьат

       100- АстагIфируллахI 
       

       100- ЛаилахIа иллаллахьу 

       100-салават 

       100-къулха


Аса даьккхина 1-фатихьат,100- АстагIфируллахI,100- ЛаилахIа иллаллахьу,100-салават,100-къулха мела Дала сана балари терра Дала дин кхайкхо ваийтина волчу Мухьаммад Пайхамарна (I.с.в.) син совгIатан бели аса, цуьнан доьзалшна а, асхьабашна а син совгIатан бели аса. Сай устазана ИбрахIим-Хьаьжина бели аса, Дала кIайле цIана йойла цунна. Малх бале, малх бузе юккъехь бусулба динна инкарло ца еш дIа мел кхелхина массо бусулба нахана бели ас. Везан Дела, Воккха Дела са галдаьлларг Хьайгар нисдай бахьан и мела болуш балехь верг, балехь хьалха ваккха Ахьа, балехь воцург, даржехь, мулкехь совваккха Ахьа. Везан Дела, Воккха Дела тхан белчарна геч де ахьа, Везан Дела, Воккха Дела царна тегIор долу тхуна геч де Ахьа.

Салават диллина доIа дийр ду: «Аллохьумма атина фиттдунья….», салават диллина Фатихьат олий Бисмиллахь доьшур ду.