Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

Сух1айб-моллин вирд

22 марта 2022

Жима вирд

Массо а ламазал тIаьхьа 1 фатихьат а, 11 къулхIа а, 5 салават а дешна мела лура бу: аса дешначу фатихьатан а, къулхIанийн а, салаватийн а мела

          1. Дели элчанна Мухьаммадана бели, саллаллахIу IалайхIи ва саллама 
          2. цуьнан мела Абубакар-Сиддикъана а бели, разийаллахIу IанхIу 
          3. цуьнан мела ашшайх Хаваж БахIауддина а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
          4. цуьнан мела ашшайх Абуна а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
          5. цуьнан мела ашшайх Хожа-Ахьмадана а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
          6. цуьнан мела ашшайх Элаха-моллийна а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
          7. цуьнан мела ашшайх Абтина а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
          8. цуьнан мела ашшайх ХIайбина а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
        9. цуьнан мела ашшайх устаз Iаббазана а бели, Дала къайле тойойла цуьнан Йа Раббий, йа АллахI, сан гIалатта даьллачунна гечдей, эшнарг меттахIоттадей, кхочушхилларг къобулдей, йолехь-мелехь совдаккхий, цуьнан мела цаьрга дIакхачабе Ахьа (аьлла, фатихьат а дешна чекхдоккхур ду). 

 

Доккха вирд 

Массо а Iуьйранна малх схьакхетале вирд доккхур ду кхузза шахIадат а далийна шена-шена мела а луш 1 фатихьат а, 5 къулхIа а, 3 салават а доьшуш: аса дешначу фатихьатан а, къулхIанийн а, салаватийн а мела:

           1. сан устаз ашшайх Iаббазана а бели, Дала къайле тайойла цуьнан;
           2. ашшайх ХIайбина а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
           3. ашшайх Абтина а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
           4. ашшайх Элаха-моллина а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
           5. ашшайх Хожа-Ахьмадана а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
           6. Уммалт шайхана а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
           7. ашшайх Абуна а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
           8. ашшайх Мухьаммад аль-ЯрагIийна а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
           9. ашшайх Халид аль-БагIдадийна а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
          10. ашшайх Хас-Мухьаммад Ширванийна а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
          11. ашшайх 1алауддийн аль-IаттIарийна а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
          12. ашшайх Якъуб ал-Чирхийна а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
          13. ашшайх Хаваж БахIауддина а бели, Дала къайле тойойла цуьнан 
          14. Абубакар-Сиддикъана а бели, разийаллахIу IанхIу 
          15. Делан элчанна Мухьаммадана бели, саллаллахIу IалайхIи ва саллама. 

Зударша, цул совнаха, хIокху кхаа зудчунна а лур бу мела – Хадижатний, Iаишатний, ФатIиматний а. КъулхIанаш дешна ваьлчи, суьлхьанаш хьовзор ду: 

         500 АстагIфируллахI эр ду, 
         300 ЛаилахIа иллаллахьу эр ду (зударшна АллахI аьлча а мегар ду), 
         100 салават дуьллур ду. 

Уьш аьлла ваьлча: аса аьллачу астагIфируллахIан а, динчу зикруллахIан а, диллинчу салаватийн а мела Делан Элчанна а бели саллаллахIу IалайхIи ва саллама, сайн устазана ашшайх Iаббазана а бели, Дала къайле тойойла цуьнан, Делан Элчанний сайн устазанний юккъе богIучу массо шайхашна-авлияашна а бели. 

Йа Рабби, йа АллахI, цуьнан мела цаьрга дIакхачабе Ахьа (аьлла, фатихьат а дешна чекхдоккхур ду).