Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

Г1урба дуьйш волчун бехкамаш

7 июля 2022

Г1урба дуьйш волчун бехкамаш

1) Бусалба хилар. Керста волчунна т1ехь дац г1урба дер.

2) Пхийттара ваьлла волуш, хьекъал долуш хилар. Берана, хьекъална эшна волчунна а т1ехь дац г1урба дер.

3) Г1урба ден аьтто хилар. Г1урбана урс хьокхучу дийнахь, цул т1аьхьа дог1учу кхаа дийнахь шена а, шен доьзална а луш долчу напханал алсам рицкъа долуш иза велахь, г1урба дер т1ехь ду цунна.