Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

ЛАМАЗ МАЬЖДИГЕХЬ ДАР ДОЗАЛЛА

22 апреля 2022

Дала боху шен сий долчу Къуръана чохь:

Бисмиллах1иррохьманиррохьийми

«Баккъала Деле иман диллина, ц1ена 1амалш еш, ламазаш д1ах1иттош (жама1атца), закат луш берш,

Далла гергахь цаьрна ю йоккха ял, цхьа а кхерам хир бац цаьрна, г1айг1ане а хир бац уьш».


1аффана к1анта 1усмана аьлла (Дела реза хуьлда цунна): Суна хезна Делан Элчано олуш (Делера къинхетам, маршала а хуьлда цунна):

«Пхьуьйра ламаз жама1атца дича, ах буьйса ламаз деш 1ийча санна ял ю, 1уьйра ламаз жама1атца дича ерриге а буьйса ламаз деш яьккхича санна ял ю».


Абу Х1урайратах дуьйцу (Дела реза хуьлда цунна): «Элчано(Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) элира:

«Ламазаш деш болчаьрна хуур делира, пхьуьйра ламазех ,1уьйра ламазех болу мел-пайда, оцу шина а ламазе бог1ур ма-бара уьш, текхаш баьхкина а».


Абу Х1урайратах дуьйцу (Дела реза хуьлда цунна) Элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) элира:

«Мунафикъа нахана дазлуш долу ламаз ма- дац 1уьйра а, пхьуьйра а ламаз бен, цаьрна хуур делира,

цу шина ламазах болу пайда, уьш г1ур ма-бара цу шина а ламазе текхаш бахна а».


Абу Х1урайратах дуьйцу (Дела реза хуьлда цунна) Элчано (Делера къинхетам, маршала хуьлда цунна) элира:

«Цхьа б1аьрзе стаг веана хиллера бохуш дуьйцу вайн Делан Элча волча. Цо элира: Х1ай Делан Элча суна-м со

маьждиге вига цхьа ца хилча, аса дан мегар дарий сан ламаз ц1ахь, аьлла хаттар дира цу стага. Бакъо елира Элчано цунна ц1ахь ламаз дан,

т1аккха Элчано вуха схьа кхайкхира и б1аьрзе стаг. Дела Элчано хаьттира цуьнга: «Хьуна хезий ламазан молла кхойкхуш».

Б1аьрзечу стага элира, хеза суна-м молла кхойкхуш ламазанна, т1аккха Элчано элира (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна):

«Важиб ду хьуна, ламаз дан маьждиге вахар».


Делан Элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) элира: «1уьйра ламазе вахнарг (жама1ате) иманчохь хир ву и,

1уьйранна базар вахнарг ламаз жама1ат ца деш, шайт1анан карахь хиларна кхерам бу цунна, цу дийнахь».


Делан Элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) элира:

«Боданашкахь маьждиге вахнарг иза лекха сийлахь волчу Дала шена дуьхьал вуьгур ву и, нуьрца (серлонца) къемата дийнахь».


Ламазан мало яр, мунафикъан билгало ю.

Мунафикъа нахана дазлуш долу ламаз 1уьйра а, пхьуьйра ламаз а ду. Цу шина ламазехь дерг цаьрна хиъча уьш бог1ур ма-бара текхаш баьхкина а оцу ламазе. Элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) элира: «Суна лиънера айса цаьрга ламаз де ала, цулт1аьхьа лиънера стага маьждигехь ламаз дар жама1атца, цулт1аьхьа лиънера дечиг лахьош болучаьрца дечиг лахьор, оцу дечигца ламазе ца бог1учаьра ц1енош ц1ерца даго а».


Иштта боху кхечу хьадисехь: Элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) элира: «Ц1еношкахь ма белира зударий, церан бераш а,пхьуйьра ламазе ца бог1учеран, аса т1аккха омар дийр ма-дара кегийрхошка церан ц1еношкахь мел дерг дагаде аьлла».


1умар к1антах дуьйцу (Дела реза хуьлда цунна): «Тхоьца ца хилча пхьуьйра а, 1уьйра ламазехь стаг, оцунах тхуна мотталора вониг,

мунафикъ стаг ву и аьлла».


Ламаз жама1атца дар дозалла.

Цхьа стаг веана хиллера вайн Пайхамар волче (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна). Элира боху оцу стага, х1ай Делан Элча суна г1енахь ма-гира, сан цхьаьна куьйгахь ткъа деши ахча,вукха куьйгахь диъ, ткъа цхьа ахча охьа дуьйжира, важа диъ ахча ц1ен бос болуш хилира. Т1аккха Дела Элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) элира цуьнга: «Ахьа пхьуьйра ламаз жама1атца дирий? Т1аккха оцу стага элира, ца дина ша аьлла. Делан Элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) элира: «Хьан карара охьа доьжна долу ткъа ахча, жама1ат ламазан дозалла ду, важа диъ ахча ц1ен бос хилла долу, ахьа ц1ахь дина ламаз къобал ца хилар ду».


Дийна пхиъ ламаз жама1атца динчуьнна, пхиъ х1ума хир ду:

1) Дуьненчохь цкъа и стаг къиен-миска хир вац;

2) Дала кошахь 1азап лур дац цунна;

3) 1амалийн тептар лур ду цунна бакъхьа аг1ор;

4) Къемат дийнахь суьртт1айх вер ву иза, ткъес тухачу барамехь;

5) Дала ялсамане вохуьйтур ву иза хьесап а, 1азап а доцуш.


Делан Элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) элира:

«Бусулба стаганна жама1атца деш долу цхьа ламаз дико ду, ц1ахь шовзткъе шарахь дечу ламазел».

Сомат к1антах 1убайдатах дуьйцу (Дела реза хуьлда цунна), Элчано (Делера салам маршала хуьлда цунна) элира аьлла: «Дала т1едиллина бусулба нахана пхиъ ламаз парз дина. Кхоччуш и ламазаш деш эшам ца беш уьш дар т1аьхь т1едихкина, шена дай ца деш и ламаз кхочуш дарехь, шен хьокъца кхочуш дахь, Дала цунна ч1аг1о ма-йо и ялсамане вохуьйтур ву аьлла. И ламазаш дайдарца динарш шен хьокъца ца деш (жама1атца ламаз дар дитинарг). Цунна Дала ч1аг1о ма-йо шена лаахь къинхетам бийр бу, я 1азаб лур ду аьлла».