Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

СВО ЙОЛАЕЛЧХЬАНА ДОНБАСЕРЧУ БАХАРХОШНА 22 СОВ ТОННА СУРСАТИЙН ГIО ДИНА КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН ЦIАРАХЧУ ФОНДО

26 мая 2023

Нохчийн Республикин ницкъаллин подразделенийн командирашца ша дIайаьхьначу кхеташонехь НР-н Куьйгалхочо хаийтира, СВО йолаелчхьана Донбассан машаречу бахархошна делла Кадыровн Фондера 22 тонна гуманитарни сурсаташ.

«Нохчийн Республика, фронтана эскархой латтийна ца Iаш, материально-технически агIор а гIо деш йу. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Фондан гIоьнца СВО-н хьашташна 1014 терахь спецтехника йелла, царна йукъахь: 145 бронемашен а, 931 квадрокоптер а, 344 буьйсанна гойтуш йолу прибор а, 325 тепловизер а, 138 антидрон а, 50 эзар сов тIеман вайнзаманахьлера духар а, 28 673 зIенан коьчал а, кхин дуккха а гIирсаш а.

Ткъа иштта, Донбасан паргIатйаьхначу гIаланийн, йартийн бахархошна диллина деш гIо а ду. Кху ханна йукъахь иза 22 эзар тонна гуманитарни кира ду, шена чудог1уш сиха гIодаран машенаш, медг1ирсаш, кхачанан сурсаташ, дарабанан молханаш, гIишлошйаран гIирсаш, уггар а хьалха оьшу хIуманаш а йолуш. Цул сов, РОФ-о г1о до лазийначу сотрудникашна дарба дарехь а, могашалла меттахIотторехь а, ткъа иштта ахчанца церан таро а йо»,- йаздина НР-н Куьйгалхочо шен Telegram-каналехь.