Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

Юсуф-пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) дина доIа

14 апреля 2022

Веза-Сийлахьчу Дала Юсуфан (Делера салам хуьлийла цунна) хьокъехь аьлла: «Цо (Юсуфа) элира: «ХIай сан Дела, набахте дукхаезаш ма ву со, цара соьга де бохучул а; церан (зударийн) мекарлонах Ахьа со хьалха ца ваккхахь‚ со царна тIевоьрзур ву – тIаккха со жехIил нахах хир ма ву. Цуьнан Дала жоп делира цунна‚ Цо иза хьалхаваьккхира церан (зударийн) мекарлонах. Баккъалла а, Иза хезаш Верг‚ хууш верг а Ву». «Юсуф», 33. Иштта доIа дира Юсуфа (Делера салам хуьлийла цунна), Зулайхас шен дагара хаийтича, цуьнан мекарлонах ша ларвар доьхуш. Шахьарахь болчу зударшна юккъехь эладита даьржира, Зулайхас шен хIусамехь волчу кIантана дагара хаийтина, бохуш. Цара ша бехке еш хабарш дуьйцуш хилар шена хиъча, Зулайхас цхьана дийнахь ша йолчу хьошалгIа кхайкхира уьш. Царна хьалха стоьмаш бехкина, хIора зудчун кара урс а делла, Юсуф (Делера салам хуьлийла цунна) схьакхайкхира Зулайхас. Цуьнан хазаллех цецбевлла, шаьш хIун леладо а ца хууш, цара шайн куьйгаш а хедийна, элира: «ХIара адам дац! ХIара сийлахь малик ду!» «Юсуф», 31. ТIаккха Зулайхас элира: «И ву-кх шуна, аша суна шен хьокъехь бехкаш бехкинарг! Ас цунна дагара хаийтира – иза чIогIа ларвелира. Ас шега омра дийриг цо ца дахь‚ набахти чу вуллур ву иза». «Юсуф», 32. Юсуфа (Делера салам хуьлийла цунна) динчу доIина Дала жоп делира, зударийн мекарлонах иза хьалха а ваьккхира, баккъалла а, Иза доIа хезаш Верг‚ адамехь долу хьал хууш верг а Ву.