Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

Мани Шейх вирд

22 марта 2022

Манина вирд доккху хIор ламазан таьхьа.

Аьтту куьг пIелгаш тIехь дагардо цIаза пIелга тIера дуьйна хIор пIелга тIехь кхузза олуш: боьххьехь, шинхьа пIелг сеттачахь. 
Куьг айан (цIонгела лакхахь) хила деза, «АIузу-биллахIи минаш-шайтIонирражийм, БисмиллахIиррахьманиррахьим», - аьлла долор ду.

              15-за АстагIфируллахI 

              15-за ЛаилахIа иллаллахьу Мухьаммадан расулуллахI эр ду. 

              5-за АллохIумма соли Iала саййидина Мухьаммадина ва селим эр ду.

 

 

Т1аккха мел дIа лур бу :


« Аса динчу 15-за зикра мела, диллина 5 - за салават мела Дала вазвинчу Элчанна Мухьаммадин бели аса-Делер салам маршал хийла цунна. ШозлагIа сай устазана Манийна а бели аса-Дала къайле тойойла цуьнан. 
АлохIумма соли Iала, саййидина Мухьаммадина ва Iала, али саййидина Мухьаммадин ва селим. Фатихьат»,- аьлла Бисмилла доьшур ду куьйгаш доIанна хьала а лаьцна. 
ТIаккха эр ду 10-а : «Везан Дела воккха Дела. Хьо везар, Хьо вовзар лолахь». Юха Салават а диллина куьйгаш юьхь т1е хьокхуш дерзор ду.